Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Амма ворхІалгІачу шарахь лаьтте садаІийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дІа а ма де, кемсаш а ма хедае. Лаьтта тІехь ша хьалаяьлларг тІаьхьалонна дІа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тІера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоІу шо хир ду иза. ТІаккха ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаІаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагІийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоІур ду. ДІатесна Іуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоІур ду, шу цунна тІехь Іаш долуш, шена садаІа дІа ца еллачу ханна. Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоІучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тІедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тІе ца эцарна. Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Аса дІадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дІайойур ю. Дерриг а хІара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дІахІуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре Ярушалайм-гІала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода