Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. ТІаккха ЯхІу-Якхам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Ткъа цуьнан кІант ЯхІу-Яхин керла паччахь хилла дІахІоьттира шен ден метта. ТІаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тІеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тІе. Цара, иза дІа а лаьцна, мерІуьргех чІуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дІавигира. Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“ Хьо, вир дІа-ма-йоллара, дІавуллур ву, хьан дакъа, Ярушалайман кевнал ара а даьккхина, охьакхуссур ду». Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхІу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Даудан тІаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода