Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цІийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цІа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае». Дуьххьарчу ялтех кІен сагІа доккхуш делахь, цІера тІехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. «ХІора шарахь шайн кхашна тІехь, хІу а тесна, айхьа кхиийна долчух уьтталгІа дакъа дІакъастаде. Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Іайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагІаран, шайн зайтдаьттан уьтталгІа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагІийн дуьххьарлера Іахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іамархьама. Цул тІаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагІарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгІа дакъа Делан цІийнан чІоьнаш чу схьадеара.
Выбор основного перевода