Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Іахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхІус, царах Пасахьан сагІанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цІинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанашна хІуманаш а, даьхни а дІадала. Цо даьхни а, хІуманаш а лур ю къинойх долчу а, кІен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанашна, Исраилан халкъана тІера къинош дІадахийтархьама».
Выбор основного перевода