Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло АхІароне элира: «Аса-Айса хьан кара дІаделла Суна лерина деана совгІаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хІуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кІенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дІало. Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар. Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина деана совгІаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало. Хьан доьзалехь цІена волчу хІораммо а даа мегар ду иза. Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагІар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кІа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дІало. Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цІена мел волчун а бакъо ю иза даа. Исраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дІа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду. Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тІера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догІу). Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагІашна а, гезаршна а тІера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дІакъастийна ю. Церан цІийн цинцаш кхерчана тІетоха, ткъа мохь цІера тІехь даьккхина сагІа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю. Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагІа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гІогІ а хьуна кхачош ма-хиллара. Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу». Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгІа дакъош Аса левихошна дІало, цара гуламан четарца доьзна долу гІуллакх деш хиларна. ХІинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама. Гуламан четарца доьзна долу гІуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, хІунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дІалуш долу уьтталгІа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“». Суна иштта хиира, левихошна дІадала дезаш долу дакъош дІалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Іамал ечу хенахь гІуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера.
Выбор основного перевода