Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦІадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дІадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гІуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагІанийн мохь а, цІий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
Выбор основного перевода