Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Амма церан гІаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хІунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю. «Исраилхошна тІедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тІехь йолчу гІаланех цхьаерш левихошна дІаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гІаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дІадала деза цара. совгІаташ а, уьтталгІа дакъош а, Далла дІакъастийна сагІанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хІуманна тІехьожуш хьаькам хІоттийра левихо волу Ханан-ЯхІу. Ткъа Ханан-ЯхІун ваша ШамаІи цунна гІо деш шолгІаниг хІоттийра. Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Делан цІенна тІехь хьаькам волчу Іазар-ЯхІус а тІедилларца Ханан-ЯхІун а, ШамаІин а куьйга кІел оцу хІуманийн дола дан дІахІоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхІу, Нахьати, ІасахІал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхІу, Махьат, БенъяхІу. Шайн лаамехь Далла дахьаш долчу сагІанийн дола дан а, Везачу Элана луш йолу хІума а, даздина долу совгІаташ а дІасадекъа дІахІоттийра Кхура. Иза малхбалехьарчу кевнехь ха деш волу, Иманин кІант волу левихо вара. Кхурин куьйга кІел бара Іедан, Мин-Яман, ЮшаІ, ШамІа-ЯхІу, Амар-ЯхІу, Шахан-ЯхІу. Динан дайн гІаланашкахь тешаме хиларца гІо дира цара Кхурина, шайн вежаршна, жимачунна а, воккхачунна санна, шайн тобанашка хьаьжжина, доггІург дІа а доькъуш.
Выбор основного перевода