Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кІентан тІаьхьенах бара: ГІиршанах, КхахІатах, Мерарих. Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакх деш болчу АхІаронан тІаьхьенах болчарна гІо дан дезаш дара. Левихоша цІано латто езаш яра цу ЦІийнан керташкахь а, цуьнан агІонаш тІехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а мел йолу хІума цІанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а гІуллакх дар. Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦІа чохь дІахІотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагІанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хІуманан барам лелабора. ХІора Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша. Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь. Иштта ю АхІаронан тІаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхІаронан кІентий хилира Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Исраилан халкъан Везачу Дала, тІе а дуьллуш, церан дегахула АхІаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цІа чохь гІуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагІ яра церан.
Выбор основного перевода