Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІудан а, ШимІин а тайпанаша левихошна еллачу гІаланийн цІераш иштта яра: КхахІатан тІаьхьенах болчу АхІаронан кІенташна а, Левин кІенташна а, царна кхаж хьалха баларна, Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон). Цу гІалина уллора аре а, ярташ а Епунин кІантана Килабана елира. Иштта динан ден АхІаронан кІенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гІала – Хьеврон а, гІала Либна а, цу шина гІалина уллора аренаш а. Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гІала а, шен аренашца ЭштамуІ-гІала а, Хьулон-гІала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гІала а, цуьнан аренаш а, Іейн-гІала а, цуьнан аренаш а, ЮтІа-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гІала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гІала яра. Бен-Яманан тайпано елира гІаланаш: ГавІон а, цуьнан аренаш а, ГибаІ а, цуьнан аренаш а, Іанатот-гІала а, цуьнан аренаш а, Іалмун-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. АхІаронан тІаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонахара аренаш а яра. ТІаккха хІара левихой гІуллакхаш кхочушдан хІиттира: КхахІатан тІаьхьенах волу Іамсайн кІант Махьат а, Іазар-ЯхІун кІант Юал а; Мерарин тІаьхьенах волу Іабдин кІант Къуша а, ЯхІалал-Элан кІант Іазар-ЯхІу а; ГІиршанан тІаьхьенах волу Замин кІант Юахьи а, Юахьин кІант Іедан а;
Выбор основного перевода