Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхІудан халкъан карара кІелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дІахІоттийра. ЯхІурам шен ерриге а гІудалкхашца ЦаІир-гІала вахара. Иза, буьйсанна тІе а гІоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гІудалкхашна тІера церан хьаькамашна а тІелетира. Ткъа яхІудхойн эскархой шайн цІеношка дІасабевдира. Эдоман халкъ таханлерчу денна тІекхаччалц яхІудхойн карара дІадалларх иштта Іаш ду. Оццу заманахь Либна-гІала а яхІудхошна дуьхьалъяьллера. ЯхІурамах лаьцна – цо мел динчу гІуллакхех лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. ТІаккха ЯхІурам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. ЯхІураман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз-ЯхІу.
Выбор основного перевода