Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ярушалайман бахархоша ЯхІураман жимаха волу кІант Ахьаз-ЯхІу цуьнан метта паччахь дІахІоттийра. ХІунда аьлча, уьш бехачу метте Іаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхІул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхІудхойн паччахьан ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу паччахьалла дан волавелира. Иза-х стигалшна – ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цІа дан? Со мила вара, Цо Шен цІа дан пурба суна даллал? И цІа – Цунна лерина сагІа доккху меттиг бен хир ма яц! Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, иза Ярушалайме дІа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра.
Выбор основного перевода