Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ПІелаштамхошкара совгІаташ а, йолана дети а дахьара ЯхІушаптина. Іаьрбихоша жа даладора цунна: ворхІ эзар ворхІ бІе уьстагІ а, ворхІ эзар ворхІ бІе бож а. Ярушалайман бахархоша ЯхІураман жимаха волу кІант Ахьаз-ЯхІу цуьнан метта паччахь дІахІоттийра. ХІунда аьлча, уьш бехачу метте Іаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхІул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхІудхойн паччахьан ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу паччахьалла дан волавелира. ТІаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тІеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тІе. Цара, иза дІа а лаьцна, мерІуьргех чІуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дІавигира.
Выбор основного перевода