Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхІурам чІагІвелла дІахІоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цІийнах берш ма-леллара, хІунда аьлча Ахьабан йоІ цуьнан зуда яра. ЯхІурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. ЯхІудан лаьмнаш тІехь цІушна Іамал ян гунаш а хІиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дІа а берзийтина, кхечу деланашца Іамал еш лелийтира ЯхІурама. Иштта яхІудхой а Іехабалийтира цо.
Выбор основного перевода