Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цІийнах берш ма-леллара, хІунда аьлча Ахьабан йоІ цуьнан зуда яра. ЯхІурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора.
Выбор основного перевода