Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шен дас лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора. ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гІуллакхаш дора. Хийрачу деланашна сагІа доккху меттигаш а, царна Іибадат дан билгалдаьхна гунаш а дІадехира Асас. Иштта харцделанашна хІиттийна тІулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра. Шайн дайн Дела волу Веза Эла лахар а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардар а тІедиллира Асас яхІудхошна. Иштта массо а яхІудхойн гІаланашкахь кхиболчу деланашна Іибадат дан билгалдаьхна гунаш а, цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго меттигаш а дІаехира цо. Аса паччахь волчу юкъана пачхьалкх маьрша яра. Ша паччахьалла дан волавеллачу юьхьарчу хенахь шен дайх волу Дауд хьалха лелла хиллачу некъашкахула а лелаш, ЯхІушапти БаІалан цІушна тІаьхьа ца хІоьттина дела, цуьнца Веза Эла вара. ЯхІушаптис, исраилхоша лелориг а ца лелош, шен ден Дела а лоьхура, иза Цуьнан весеташца а лелара.
Выбор основного перевода