Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Іаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гІаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гІаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гІаланашкахь даха охьахевшира. ЯхІураман ткъе шийтта шо дара, иза яхІудхойн паччахь дІахІоьттича. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. ЧІогІа чов хилла волу Юаш Іад а витина, арамхой дІабахара. Ткъа динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІант верна, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Іуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира. ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Ярушалайм-гІалахь дІавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Яхьизакх-ЯхІу. Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“ ЯхІу-Яхин цІе йолу хІара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХІунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дІа?
Выбор основного перевода