Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Левихой баьхкинчул тІаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тІедерзийна болу Исраилан хІора тайпанах болу нах Ярушалайме богІура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагІа даккхархьама. Шаьш яьккхинчу хІонсана юкъара ворхІ бІе бежана а, ворхІ эзар уьстагІ а Везачу Элана сагІина беара цара цу дийнахь. Аса-паччахь а, цуьнца долу эскар а ГІарар-гІала кхаччалц царна тІаьхьаделира. Кхин юхаметта ца хІоттал дукха бара хушахойх хІаллакбинарш. Везачу Элана а, Цуьнан эскарна а хьалха бохийнера уьш. ЯхІудхоша шайна шортта хІонс яьккхира. Иштта ГІарарна гонах йолу гІаланаш а йохийра цара, хІунда аьлча Везачу Элера къемат доьссинера царна тІе. Оцу массо а гІаланашкара хІонс араяьккхира цара, хІунда аьлча царна чохь дуккха а хІума яра. ЖаІуйн четаршна тІе а летта, шайца дуккха а жаш а, эмкалш а ялош, Ярушалайме юхабирзира уьш.
Выбор основного перевода