Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ур-атталла шен ден нана МаІха а паччахьан цІе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бІогІам дІахІотторна. И цІу, цеста а цистина, Кхидрун-тогІи чохь вагийна дІаваьккхира Аса-паччахьо. СагІа доккху гунаш дІа ца дехира цо. Амма ша дийна волчу хенахь Везачу Элана тешаме вара иза. Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегІаш а, дато а, дашо а хІуманаш а Везачу Элан цІа чу ехкира Аса-паччахьо. Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гІуллакхаш дора. Хийрачу деланашна сагІа доккху меттигаш а, царна Іибадат дан билгалдаьхна гунаш а дІадехира Асас. Иштта харцделанашна хІиттийна тІулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра. Шайн дайн Дела волу Веза Эла лахар а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардар а тІедиллира Асас яхІудхошна. Иштта массо а яхІудхойн гІаланашкахь кхиболчу деланашна Іибадат дан билгалдаьхна гунаш а, цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго меттигаш а дІаехира цо. Аса паччахь волчу юкъана пачхьалкх маьрша яра. ЯхІуд-махкахь йолу гІаланаш, чІагІйина, дІахІиттийра, мохк цу хенахь маьрша болу дела. Цу шерашкахь Асин махкахь тІом бацара, Везачу Эло цунна маршо елла дела. ЯхІушаптин пачхьалкх къепе хилла дІахІоьттира, Дала массо а агІор паргІато а елира цунна.
Выбор основного перевода