Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«Шайн мостагІашна дуьхьал тІом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гІудалкхаш, тІемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хІунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Ткъа шаьш гаттабелла хьаьвзича, уьш Исраилан Дела волчу Везачу Элана тІебирзира. Иза цара, лаха а лоьхура, ткъа Цо цаьрга Ша кара а войтура. Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“». Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, Далла улло гІо, Иза а шуна улло вогІур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цІанде.
Выбор основного перевода