Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Асас яхІудхошка элира: «ХІара гІаланаш, дІа а хІиттийна, царна гонах пенаш дийр ду вай, шайна тІехь бІаьвнаш а йолуш. Иштта кевнаш а дийр ду, царна тІе гІораш а дохкуш. ХІара латта хІинца а вайн долахь ду, хІунда аьлча вайн Веза Дела вай лийхира. Вай Иза лехна дела, Цо вайна массо а агІор маршо а елла». Цара гІаланаш а дІахІиттайора, церан кхиамаш а хуьлура. Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду.
Выбор основного перевода