Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элан цІенна хьалха сагІа даккха ша дІахІоттийначу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дохура Сулима. ЯрбаІамна тІаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гІаланаш схьаехира Аби-ЯхІус: Бетал-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Іепрайн-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а. Іудадан кІантана Іазар-ЯхІуна тІе Делан Са доьссира. ЯхІуд-махкарчу чІагІйина дІахІоттийначу ерриге а гІаланашкахь эскарш дІахІиттийра цо. Иштта ЯхІуд-мехкан а, цуьнан дас Асас шен дола баьхна хиллачу Эпрайм-мехкан гІаланашкахь а эскаран тобанаш дІахІиттийра ЯхІушаптис.
Выбор основного перевода