Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Кест-кеста Дала олура, ткъа суна иза дукхазза а хезара: ницкъ а, ва Дела, Хьоьгахь бу, Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш – Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхІун кІант а оьгІазвахана дела. Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бІаьрхиш а дІадаха, ахь бинчу балхана хьуна совгІат дийр ду, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш мостагІийн лаьттара юхадоьрзур ду. Собаре хилахь, шайн синош кІелхьардохур ду аша». Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла. Дика дан кІад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тІейогІур ю и хан, ваьш динчу гІуллакхийн кхиамаш вайна карош.
Выбор основного перевода