Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. Халкъо элира ЮшаІе: «Тхайн Везачу Далла Іамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугІур ду оха». Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тІедиллира ЮшаІа. ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. ХІинца Іамминхой а, муабахой а, СеІир-ломара бахархой а тхуна тІелеташ бу. Ткъа Мисар-махкара тхан дай арабевлла схьабогІучу хенахь, Ахьа уьш оцу халкъийн мехкашкахула чекх ца бовлийтира. Цундела тхан дай, царах дІа а бирзина, и халкъаш хІаллакдаза дитинера. шайн вежарий болчу лоруш болчарах дІа а кхетта, сардаман таІзарх иштта чІагІо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха.
Выбор основного перевода