Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Іеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кІант ШебаІ хилла. Цо, коьман маІа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кІант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цІа дІасадовлий вай!» Иштта, Ярушалаймехь, чІагІвелла дІа а хІоьттина, паччахьалла дира РахьбуІама. Иза паччахь дІахІуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цІе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гІалахь вуьрхІитта шарахь паччахьалла дира РахьбуІама. Цуьнан ненан цІе яра НаІмат. Иза Іамминхо яра.
Выбор основного перевода