Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». Асина а, яхІудхошна а хьалха эшийра Везачу Эло хушахой. Уьш бевдира. Шайн махкана тІелеттачу мостагІчунна дуьхьал тІамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТІаккха шайн Везачу Далла дагадогІур ду шу, Цо шу мостагІех кІелхьардохур ду. ВорхІ динан дас ворхІ маІа дІаяхьа еза дезачу тІорказна хьалха. ВорхІалгІачу дийнахь аша гІалина ворхІ го баккха. Ткъа динан дайша, шаьш гІалина гонах мел лела, маІаш локхур ю.
Выбор основного перевода