Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цара мостагІашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гІо дира. ХІагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хІума а оцу тІемалойн кара дахийтира, хІунда аьлча шаьш тІом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тІемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дІахезнера. Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура. МостагІаша гІело йора царна, церан куьйга кІелахь уьш къера хилла дІахІиттира.
Выбор основного перевода