Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. И дешнаш а, Іудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дІахезча, дог иракарахІоьттира Асин. Цо ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тІера ша схьаяьхначу гІаланашкара а дегаза цІуш дІабехира. Везачу Элан цІенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагІа доккху кхерч карлабаьккхира Асас. Цундела Іийсас Ша яхІудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дІа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Іийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца.
Выбор основного перевода