Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхІаронан кІентий бу. И гІуллакх царна а, церан тІаьхьенашна а гуттаренна а тІедиллина хир ду. Шайн махкана тІелеттачу мостагІчунна дуьхьал тІамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТІаккха шайн Везачу Далла дагадогІур ду шу, Цо шу мостагІех кІелхьардохур ду. Амма Мусас элира: «Везачу Эло тІедиллиначуьнга ла хІунда ца дугІу аша? ХІара аша деш дерг эрна ду. ХІунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагІчух тасадала шуна гІо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“. Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву? Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».
Выбор основного перевода