Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Аби-ЯхІу-паччахьо а летадора хьалха шен дас летийна доллу къинош. Цуьнан ден да волу Дауд шен Везачу Далла даггара тІевирзина вара, ткъа Аби-ЯхІу Везачу Далла даггара тІевирзина вацара. Сулим-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тІера тІаьххьарлерачунна тІекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тІехь а, шилунхо волчу АхьъяхІуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатІан кІантах ЯрбаІамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯІду-пайхамарна дуьхьал хІуьттучу суьрташкахь а. РахьбуІам-паччахьо динчу хІуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тІера тІаьххьарлерчунна тІекхаччалц, яздина ду ШамІа-ЯхІу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Іиду-пайхамаран а тептарш тІехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тІехь. РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тІом лаьттира.
Выбор основного перевода