Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«ЦІеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гІад а, цу тІехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза. Ялх га хила деза цунна тІехь: кхо га цхьана агІор, кхо га вукху агІор. Цхьана гаьнна тІехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тІехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тІехь хила деза уьш. Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гІода тІехь. Стогаран гІодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кІелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагІчу шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг хила еза. Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цІеначу деших дина хила деза. ВорхІ къуьда а бай, цунна тІе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агІо серлаяккхийта. ЦІеначу деших тукарш а, нойш а е цунна. Берриг а шен гІирсашца цхьана галин барамехь долчу цІеначу деших бе и стогар. Гуламан четар чохь бартбаран тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхІарона а, цуьнан кІенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Ерриг а тІейогІу йолчу ханна исраилхойн тІаьхьенашна тІедиллина ду иза». Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Іийр ду шу ворхІ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хІаллак ца хилийта. Иштта иза тІедиллина суна Везачу Эло». «КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хІунда аьлча Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех деза сагІа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тІедиллина хІума ду». Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. Цхьа Іахар Іуьйранна баго беза, шолгІаниг – суьйранна. ХІора сагІанца кІен сагІина лерина дан деза шех хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархІ кад тоьлла дама. Иза ду хІора дийнахь доккху дагоран сагІа, Синай-лома тІехь долийна долу. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Иштта дийнаташ дагоран сагІа доккхучу хенахь чагІаран сагІа а даккха деза. ХІора Іахарца цхьаьна дан деза хІинан доьалгІа дакъа долу чагІар. Иза Везачу Элана лерина сагІа ду, езачу меттехь дотта деза иза. Шаьш Іуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагІа, шолгІа Іахар а багош, цуьнца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цІера тІехь даьккхина сагІа“». Аса хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан долош ду. И цІа аса дІакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дІахІиттадайтархьама а, хІора Іуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагІанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тІедиллинера Дала Исраилан халкъана.
Выбор основного перевода