Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
УръяхІус Дауде элира: «Делан тІорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхІудан халкъ а четарш кІелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Іийр вара со, сайн цІа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дІа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла». Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дІахьажийра цо. ШолгІа тоба – Йоабан ваша волчу Царуятан кІант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгІа тоба гатихо волчу Итица дІаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогІур ву шуьца». Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дІавига.
Выбор основного перевода