Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царуятан кІант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кІант ЯхІушапти пачхьалкхан гІуллакхаш яздархо вара. Ахьтубин кІант ЦІадукъа а, Абу-ЯтІарин кІант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Сари-ЯхІу йозанчин болх беш вара. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний тІехь хьаькам вара, ткъа Даудан кІентий паччахьан хьехамчаш бара. Шайшаан кІентий Элихьорап а, АхьъяхІу а – уьш бара кехаташ яздархой; Ахьлудан кІант ЯхІушапти, пачхьалкхан гІуллакхех лаьцна яздархо; ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу, эскаран хьаькам волу; динан дай болу ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а; Натин кІант Іазар-ЯхІу – иза мехкадайн куьйгалхо вара; Натин кІант Зубади – иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара; Ахьишар – иза паччахьан цІентІехь хьаькам вара; Іабдин кІант Адунурам, беза белхаш бойтучу нахана тІехь куьйгалхо волу.
Выбор основного перевода