Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Іеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кІант ШебаІ хилла. Цо, коьман маІа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кІант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цІа дІасадовлий вай!» Стигална кІел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира. Иштта шена чохь кІеззиг бахархой болуш цхьа жима гІала яра. ТІаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тІе а гІоьртина, гІалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гІалина. Амма цу гІалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гІала кІелхьаръяьккхира. Ткъа цул тІаьхьа цу гІалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгІнехь а.
Выбор основного перевода