Цундела Йоаба ТакхоІ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тІеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чІогІа гІайгІане ю моттийта, хьайна тІе Іаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела.