Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма важа цунна тІаьхьара ца волура. ТІаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Іоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ІасахІал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тІехволуш мел верг цигахь соцура. Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хІума Іоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ІасахІалан цІий бахьана долуш. Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогІу-кх, Царуятан кІанта Йоаба хІун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кІант Абунар, ИтІаран кІант Іамасаъ. Маьршачу хенахь, тІамехь Іанош санна, цІий Іанийра Йоаба церан. Цу шиннан цІийх дуьзира цо шен гІодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гІоле а, дог цІена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кІант Абунар, яхІудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтІаран кІант Іамасаъ.
Выбор основного перевода