Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний тІехь хьаькам вара, ткъа Даудан кІентий паччахьан хьехамчаш бара. Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тІех а буьйлуш, дІаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а, цуьнца Гати-гІалара схьавеана волу ялх бІе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дІавоьдуш вара. ТІаккха динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бІарзанна тІе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира.
Выбор основного перевода