Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахь, ара а ваьлла, шен цІахь мел волчу стагаца гІаш дІавахара. Цо шен цІахь итт гІарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цІа Іалашдайтархьама. Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цІа Іалашдан битинчу цуьнан гІарбаш-зударшца дІавижа. ТІаккха массо а исраилхошна дІахезар ду, хьо хьайн дена бІаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тІаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чІогІа тешаме болуш дІахІуьттур бу». Шерачу тхов тІехь Абушаламна четар хІоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гІарбаш-зударех кхийтира.
Выбор основного перевода