Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш. Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гІуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаІалан кІанта Йовтама кхайкхийна долу неІалт дахара царах. Даудан цІенний, Шаулан цІенний юкъахь еххачу хенахь тІемаш лаьттира. Даудан ницкъ чІагІлуш бара, ткъа Шаулан цІа эшна догІура. Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тІекІел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доІанна тІехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цІа а бахьана долуш ду, цо гавІонхой байина дела», – аьлла. ТІаккха паччахьо, гавІонхой шена тІе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавІонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тІаьхьадисинчу хІух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхІудхошна а тІевирззина гІайгІа беш волу Шаул уьш хІаллакбан гІерташ хиллера.) Дауда гавІонхошка элира: «Аса шайн дуьхьа хІун дича бакъахьара хета шуна? Шуна динчу харцдолчун метта хІун дала деза, шуьга Везачу Элан халкъ декъалдайтархьама?» ГавІонхоша Дауде элира: «Шаулера а, цуьнан тІаьхьенера а деши я дети ца оьшу тхуна. Исраилхошна юкъара, тхуна лиъча а, цхьа а вен бакъо яц тхан». Дауда хаьттира: «Аса хІун дича бакъахь хетара шуна?» Цара паччахьна жоп делира: «Тхо хІаллакдан а, тхан къам дерриг а Исраилан лаьтта тІера дІадаккха а гІертара Шаул. Схьало тхан кара Шаулан тІаьхьенах волу ворхІ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаІ-гІалахь ирхъухкур бу». Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дІалур бу». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла. Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дІавелира. Уьш бара Шаулна АяхІун йоІа Рицпата бина болу кІентий. Цо иштта Шаулан йоІа Мирабас вина волу пхи кІант а дІавелира. Уьш бара Шаулан йоІа Махьуларчу Барзалайн кІантана Іадриалана бина. Цо уьш гавІонхойн кара дІабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тІехь ирхъоьхкира. Уьш ворххІе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дІабевлира уьш. Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гІоле а, дог цІена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кІант Абунар, яхІудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтІаран кІант Іамасаъ. Церан Іаьнна цІий Йоабан коьрта тІе а, цуьнан тІаьхьенна тІе а дужийла абаденналц. Ткъа Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а, цуьнан цІенна а, цуьнан паччахьаллина а Везачу Элера маршо хуьлийла абаденналц!»
Выбор основного перевода