Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тІе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цІийнан а долахь хилла долу хІума аса хьан элан кІентан кІантана дІало. Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.) Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тІе нуьйр тилла. Цунна тІе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагІа волу дела. Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де.
Выбор основного перевода