Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТІаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!» Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогІуш вара. ХІунда аьлча Адан-ЯхІус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагІий а дайина. Берриге а паччахьан кІентий а, тІемалойн хьаькамаш а, динан да волу Абу-ЯтІари а тІе а кхайкхина, Іаш ву иза. ХІинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхІу-паччахь!“ Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза паччахь дІахІотто даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха, тІараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш.
Выбор основного перевода