Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Кqac*ъаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тІе биллина дела, тап-аьлла, тийна, ша волччохь Іан веза иза. qac Кqac*хочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеІийла иза Везачу Элана хьалха, хІунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу. qac Кqac*хечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо. Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза. qac Лqac*арам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза. qac Лqac*ан хала болу бала Ша тІебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина. qac Лqac*аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кІенташна таІзар а, халахетар а. Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тІекхайкхинчеран дуьхьа.
Выбор основного перевода