Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дІайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цІа юхаверза». Иза цигара юхавирзира. Абунара, Исраилан къаношка вистхуьлуш, элира: «Селхана а, цул хьалха а шуна лууш дара, Дауд шайна тІехь паччахь хуьлийла. ХІинца кхочушде иза! ХІунда аьлча Везачу Эло Дауде аьлла: „Даудан карахула Аса Сайн Исраилан халкъ пІелаштамхойн а, церан массо мостагІийн а куьйга кІелхьара схьадоккхур ду“». Бахьрумара бен-яманхо волу Герин кІант ШамаІи а сихвелира яхІудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха. Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цІийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кІант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира. Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а. Йордан-хил дехьа ваьллачул тІаьхьа, Герин кІант ШамаІи паччахьна хьалха охьавуьйжира. Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хІума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа. Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цІийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал». Царуятан кІанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неІалташ кхайкхийна волу ШамаІи вуьйр вац ткъа?» ТІаккха Дауда элира: «ХІун дан деза аса шуна, Царуятан кІентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хІинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». Паччахьо ШамаІига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тІехь чІагІо йира. Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кІант ШамаІи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чІогІа сардамаш доьхкира суна. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла. ТІаккха ШамаІи схьавалаве аьлла, омра дира Сулим-паччахьо. ШамаІига Сулим-паччахьо элира: «Хьайна Ярушалайм-гІалахь цІа а дай, кхузахь Іе, кхузара цхьана а метте дІаса а ма вала. Нагахь хьо, кху гІалин чуьра ара а ваьлла, Кхидрун-хих дехьа валахь, хьо вуьйр ву, ткъа иза хьан-хьайн бехкенна а хир ду». ШамаІис паччахье жоп делира: «Дика ду, сан паччахь волу олахо, ахьа омра ма-дарра, иза кхочушдийр ду хьан лай волчу аса». Иштта дикка хан яллалц Іийра ШамаІи Ярушалаймехь. Амма, кхо шо даьлча, ШамаІин ши лай Гати-гІалин паччахь волу МаІхин кІант Ахаш волчу ведда дІавахнера. ТІаккха ШамаІига хаам бира, хьан ши лай Гати-гІалахь ву аьлла. ШамаІи, гІаьттина, шен вир а йоьжна, Гати-гІала Ахаш волчу шен ши лай схьалаха вахара. Иштта, и шен ши лай а валош, Гати-гІалара юхавирзира ШамаІи. Ткъа Сулим-паччахьна тІедаьхьнера, ШамаІи, Ярушалаймера Гати-гІала а вахана, юхавирзина аьлла. Паччахьо, шен ялхошка ШамаІи схьа а валавайтина, элира цуьнга: «Везачу Элах дуй ца биънера аса, хьоьга дІа а хоуьйтуш, нагахь хьо миччанхьа а гІала чуьра аравалахь, цу дийннахь хьо лийр ву аьлла? Ткъа ахьа соьга: „Дика ду. Ахь боххург дийр ду ас“, – элира. Ас хьайга, Везачу Элана хьалха дуй бууш, дина омра кхочуш хІунда ца дира ахьа?» ТІаккха паччахьо кхин а элира ШамаІига: «Хьуна а, хьан дагна а хаьа сан дена Даудана айхьа дина вон. Ахьа йина хІуьттаре хьайн коьрта тІе ерзайойла хьуна Везачу Эло! Ткъа Сулим-паччахь декъал хуьлийла! Даудан тІаьхьенан паччахьалла меттах ма долийла Везачу Элана хьалха абаденналц!» ТІаккха ЯхІу-ЯдаІан кІанте БенъяхІуга Сулим-паччахьо омра дира, ШамаІи ве аьлла. Вукхо, вахана, иза вийра. Иштта велира ШамаІи. Цу хенахь дуьйна Сулим-паччахьан паччахьалла чІагІделла лаьтташ дара.
Выбор основного перевода