Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъана Шаула пІелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагІа хилла дІахІоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гІала схьагулделира. Ткъа хІинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хІунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхІудан тайпано шена тІехь паччахь хила къобалвина». Паччахь, ара а ваьлла, шен цІахь мел волчу стагаца гІаш дІавахара. Цо шен цІахь итт гІарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цІа Іалашдайтархьама. Дауд Ярушалаймехь долчу шен цІа веара. Цо, шен цІа Іалашдеш йитина йолу итт гІарбаш-зуда схьа а ялийна, цхьана цІа чохь охьахаийра, цІенна гІарол а дойтуш. Дауда цу зударийн дола дойтура, амма ша царах кхин ца кхийтира. Цу зударша шаьш дуьнен чохь йоккхуш йолу хан бисина Іаш болчу зударша санна яьккхира.
Выбор основного перевода