Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха АбигІала катоьхна ши бІе бепиг а, чохь чагІар долу ши пІаьлдиг а, кечбина болу пхи уьстагІ а, пхи сахь кхерзина кІен буьртигаш а, бІе курс кишмаш а, Іаьвдина инжирийн ши бІе курс а схьа а эцна, сихонца уьш варрашна тІеехкира. Шаулан цІа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цІе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?» Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со». Паччахьо элира: «Шаулан цІийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чІагІо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхІунатин кІант ву, когашна астагІа а волуш». Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?» Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Іамиалан кІант волчу Макиран цІа чохь ву». Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Іамиалан кІант Макир волчуьра иза схьавалавайтира. Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаІийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай». Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жІаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тІеуьйзи». Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тІе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цІийнан а долахь хилла долу хІума аса хьан элан кІентан кІантана дІало. Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.) Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду». Ткъа Мапи-Бошат Даудан цІахь яа хІума юуш вара, ша цуьнан кІант волуш санна. Мапи-Бошатан жима кІант хилла, Мика цІе а йолуш. Цубин цІахь Іаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла. Мапи-Бошат Ярушалаймехь Іаш хилла, хІунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хІума юуш хилла. Иза шинна а когана астагІа хилла. Дауд Далла Іибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогІу Іаьркхихо волу шен доттагІа Хьушай. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІе тесна чан а яра.
Выбор основного перевода