Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а, ХІинца шу кІелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тІера мода дІаяккхар дац, амма цІеначу дагца Деле йина чІагІо ю. Дала леррина къобалвина Іийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кІелхьардоху. Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал. Нийсонан некъ бевзина цахилар гІолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тІедиллинарг дІа а тесна, хьалхалерчунна тІе юхабоьрзучул. Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо. Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гІерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хІунда аьлча цу бодано иза бІарзвина.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода