Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Ялх де даьлча, Іийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тІе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. ЦІеххьана церан бІаьрг кхийтира Іийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхІу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. Кипас Іийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Іа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хІоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагІниг Эли-ЯхІуний». Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогІалаш Цуьнга!» И аз шайна хезча, мурдаш, чІогІа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира. Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Іийса лекхачу лам тІе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Цунна тІера духар бІаьрг тІе а ца хІуттуш кІайделира, хІокху лаьтта тІехь хІуманаш юьттучу цхьана а стага кІайдийр доцучу тайпана. Церан бІаьрг кхийтира Іийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхІу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. Кипас, Іийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхІуна». Кипас элира и, ша хІун эр ду а ца хиъна, хІунда аьлча мурдаш чІогІа кхерабеллера. Ткъа цу хенахь, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант. Цуьнга ладогІа!» – аьлла. Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира. ДоІа дечу хенахь Цуьнан юьхь цІеххьана хийцаелира, духар чІогІа кІайделира, тІехь бІаьрг ца сацалуш. Олаллин нур лепаш ши стаг дІахІоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхІу-пайхамар а вара. Іийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Іийсан, Ярушалаймехь, адам паргІатдаккхархьама, дуьнен чуьра дІакхалха дезарх лаьцна. Олаллин нур лепаш ши стаг дІахІоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхІу-пайхамар а вара. Іийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Іийсан, Ярушалаймехь, адам паргІатдаккхархьама, дуьнен чуьра дІакхалха дезарх лаьцна. Кипа а, цуьнан накъостий а чІогІа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Іийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. И ши стаг дІаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхІуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хІун дуьйцу оцу хенахь. Кипа къамел дина а валале, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Іийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Іийса а, Муса а, Эли-ЯхІу а нисвелча. Мархи юкъара аз хезира: «ХІара ву Ас хаьржина волу Сан КІант. Цуьнга ладогІалаш!»
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода