Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Іийса а вовзар. Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Іийсана муьтІахь а хилла, Цуьнан цІийца шу цІиндалийта. Делан дика а, синпаргІато а шорта хуьлда шуна! Іийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хІунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна. Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. Да волчу Делера а, Ден КІант волчу Цо леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца. Делан къинхетам а, синпаргІато а, безам а совболийла шуна юкъахь.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода