Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
«Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Іийса лоцуш болчарна тІехь куьйгалла дина волчу ЯхІудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тІехь. Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Іаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гІалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш. Цу дерригенан Іалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гІуллакх дан кийча хилийтар. Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гІиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тІаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода