Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь. Кест-кеста шена тІедогІуш долу догІа дІа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду. Ткъа баьІаш а, къух а бен шена тІехь ца кхуьу латта Дала неІалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цІаро дагор ду. Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх – и некъ кІелхьардовларна тІебоьду. ХІунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гІуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хІинца а гІодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода