Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а. Амма цхьадолчу гІуллакхех лаьцна аса майрра яздора шуьга, динан вежарий, уьш шуна диц ца далийтархьама. Аса иза дора, Дала Шен диканца со къобалвина дела, Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а. Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тІаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хІаллакбар а.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода